
Исс ду хьун уьш, 10-й день - праздник, в праздник ЗАПРЕЩЕНО поститься
*Хаттар: Марха кхаба луучо нигат муха дан деза?*
Жоп:
Нигат «суннат марха кхобур ду ас» аьлла, дагахь хилча кхачам бу. «Кхана марха кхобур ду ас» аьлла даг чохь сацам хиллехь, иза нигат лоруш ду, цунах олуш ду нигат.
🟢 Шен мархийн баттахь дисина, тӀекхаба дезаш марха долчунна а мегар ду оцу деношкахь марха кхаба. Шена лаахь, шен дисина марха а, суннат марха а кхаба, шинне а цхьаьна нигат дийра ду. «Кхана суннат марха а, дисина парз марха а кхобур ду ас» — аьлла даг чохь нигат хир ду. Иштта кхабахь, дисина марха тӀера а дер ду, суннат мархан ял а хир ю.
🟢 Терго йе: суннат мархица шен дисина фарз (парз) марха кхаба гӀерташ волчо, нигат Ӏуьйра ламазан хан хилале дан дезаш ду.