Ц1аволахь...
Кхузахьа-м дог1анаш оьха,
Ясъелла,г1ийла ю керт.
Сан корехь техкаш ду цхьалха,
Т1адамех 1ийдало дитт...
Ц1аволахь...
Вайн юьрта гуьйре ма-кхаьчна,
Мархашца стигал язъеш...
Йох ца луш со бойнех хьерча.
Г1арг1улийн 1адикайеш.
Ц1аволахь...
Т1уьна дечиг ц1ерга а тиллий,
Бийцахьа генара мохк.
Цигахь а йочанаш ярий,
Сингаттам хьарчабеш хьох?..
Муха ву хьо?
Са-м ца гатло?
Дагайог1ий
Хьуна со?
Йоьхна ю со,
Сан са гатло,
Х1ора де а дагардо.
Дог ца дог1уш,
Йог1у Іуьйре, Дог ца дог1уш,
Доьду де,
Делахь а вай гург
Хиларо
Дагна жимма синтем ло.
Гуьйренах таръели
Б1аьсте,
Дуьне шелдеш,
Кхоладеш,
Ма хала ду
Хьоьца къастар,
Дахар г1елдеш,
Хуорам беш.
Очень душевно