
Хено ӏамийра со адамийн бакъйолу ӏалашонаш ган, церан сайца йолу йукъметтиг ган, церан ойланаш, шалхенаш йовза а. Амма ас цкъа а ца йайъина сайн адамаллин йуьхь, сайн дешнийн чӏагӏалла, сайга кховдийна тешам а. Со кхетара, кху дуьненан цхьа а бахам, цхьа а хазалла адамийн син цӏаналлийца, деган цӏаналлийца, адамийн адмаллийца хийцалур йоций, и хилла суна даима а сийлахь дерг. Со иштта ӏамийна сан ларамечу, бусулбачу шина адмо Дас-Нанас.
Ма шаа Аллах1 как красиво и правильно сказано